Алсамдаьлла Нохчийчоьнан бахархойн терахь

Архивера сурт.

Болчу хаамца, кхушеран ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь лаьрча Нохчийн Республикехь бехачу нехан терахь ду 1 миллион 451 800 . Цунах лаьцна яздо "Нохчийчоь тахана" хаамийн агенталло. Стохка оццу хенахь хиллачуьнца дуьстича республикан бахархой тIекхетта 21,4 эзар стагана, вуьштта аьлча 1,5 %.