Нохчийчохь лахделла некъахьовзамашкахь адамаш кхалхар

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бинчу хаамца, кху шеран тIаьхьарчу 10 баттахь дикка лахделла республикехь некъахьовзамаш хилар а, оцу бохамашкахь адамаш кхалхар а.

Шен Instagam-чу агIонехь цо хаам бина, нагахь стохка 10 баттахь 234 некъахьовзам хиллехь, кхушара и терахь 175 бен дац аьлла. Цуьнца цхьаьна лахделла цу бохамашкахь адамаш кхалхар - 91-нна тIера 67-нна тIекхаччалц. Лазийначеран терахь лахделла 375 стагана тIера 260-нна тIекхаччалц.