Украино Оьрсийчоьне дIавелла Тумгоев дIакхачийна Владикавказе

Украинин прокуратуро Оьрсийчоьне дIавелла гIалгIа Тумгоев Тимур дIакхачийна Владикавказан талламан изоляторе. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, цуьнан адвокатана Сабинин Андрейна тIе а тевжаш.

Сабинина дийцарехь, Тумгоевс цхьа а латкъам ца бина цуьнга. Цо бинчу хаамца, иза латтош ву СИЗО-6 олучу талламан изоляторехь.

Хьалхо Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуро хаам бинера Украинин Iедалшка, шайга дIавелла Тумгоев Белгородерчу номер 3 йолчу талламан изоляторехь ву аьлла. Болчу хаамашца цунна йиттина хиллера талламан изоляторе дIакхачош.