Венерчу хьаькамаша, Москох а лелаш, язбо кхоллам Австрерчу нохчашна

Your browser doesn’t support HTML5

Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Кикль ХIерберт цхьаьнакхетта Москох Оьрсийчоьнан коллегица Колокольцевца. Дийцаредина нохчийн мухIажирех сихха Австри дIацIанъяр а, даймахка уьш берзабе некъаш а. Оцу хаамо сингаттам боссийна Австрерчу нохчийн доьзалшка. Венерчу "Ичкери" центран куьйгалхочо Исханов Хьусайна довзуьйту цигара хьал.