Нохчийчохь некъахьовзамехь ваьгна 65 шаре ваьлла стаг

Архивера сурт.

Некъахьовзам хилла шотан буса Шелковскойн кIоштахь. Энгел-Юьртана 6 километр гергахь Toyota Camry, некъах яьлла диттах кхетар бахьана долуш цIе яьлла яьгна.

Машенна урхалла деш хилла 65 шаре ваьлла стаг чIогIа вагорна кхелхина оццу меттехь.

Хилларг толлуш бу полицин белхахой.