Нохчийчохь даздина "Халкъан цхьааллин де"

Архивера сурт.

Нохчийчохь, дуккха а даамаша дакъалоцуш даздина Оьрсийчоьнан "Халкъан цхьааллин де". "Грозный-информ" агенталло бинчу хаамца, Соьлж-ГIалин юккъехь хиллачу митинге гулвеллера 60 эзар стаг.

"Халкъан цхьааллин де" хIора шарахь даздещ ду Оьрсийохь. Иза доьзна ду 400 сов шо хьалха хиллачуьнца. Оьрсийчоьнан кхузаманахьлерчу историкаш чIагIдарехь, 1602-чу шарахь Лахьан-беттан 4-чу дийнахь Минин Кузьма а, Пожарский Дмитрий а коьртехь волчу халкъан гIаттамхоша маьрша яьккхина Москох юккъехь йолу Китай-город олу меттиг дIальацна лаьтташ хиллачу полякийн эскаран декъах. Полякийн эскар юхадаьлла хилла цу дийнахь Москох Кремле.