Некъахьовзамехь 6 стаг лазийна Нохчийчохь

Гайтаман сурт.

Ялх стагана чевнаш йина Нохчийчохь некъахьовзам хилар бахьана долуш. И бохам хилла кIирандийнахь ТIехьа-Мартанан кIоштахь. 18 шо долчу жимачу стага урхалла дон ВАЗ машен уллох йолуш хьакхаелла оцу тайппа кхечу машенах. Цунна урхалла деш хилла 19 шо долу жима стаг.

Ши а машен некъах яьлла. Цу шина машена чохь хилла 6 стаг ву лазийнарг. Дархой охьабехкина ТIехьа-Мартанан дарбанан хIусаме.

Хилларг толлуш бу полисхой.