Титиевна тIехIиттина Куршлойн-гIалара баккхий нах

Титиев Оюб.

"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан кхелехь хилла Куршлойн-гIалара баккхий нах. Уьш дакъалоцуш бара цигахь Титиевн агIо лоцуш.

Верриг а кхеле чувитира бакъонашларъярхочуьнан лулахь веха а, гергара а 5 воккха стаг. Цара тоьшалла дира Титиев сий а, яхь а йолуш оьзда стаг хиларх а, иза наркотикех кхетта хила мега аьлла шеко кхоллаяла цхьа а бух ца хиларх а.