Евкуровс кхочушбийр бу Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан сацам

Евкуров Юнус-Бек.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека хаам бина, Нохчийчоьнан дозанца боьзна муьлхха а Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан сацам кхочушбийр буш ша аьлла. Нохч-гIалгIайн дозанца доьзна хаттар федералан Конституцин кхело толлур ду кху беттан 27-чу дийнахь.

Евкуровс а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а шина республикан доза билгалдоккхуш барт бира кхушара Гезгмашин-беттан 26-чу дийнахь. Цуьнца а догIуш, шина республикан цхьаьтерра йолу территори хийцинера цу шимма. Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а парламенташ тIечIагIдира тIеэцна низам.

Кадыровна хетарехь, гIалгIайн дозанца доьзна хаттар кхоччуш дIадирзина ду. "Низам тIеэцна, бартана тIе куьгаш таIийна", - аьлла цо.

Цу бартана реза боцучу ГIалгIайчуьрчу бахархоша масийтта дийнахь митинг латтийра Магасехь, ткъа меттигерчу конституцин кхело сацам бира доза хийцале референдум хила еза аьлла.