Оьрсийчоьнан Iедало пачхьалкхан тIаьхьалонан фондера 2 миллиард сом дала сацам бина Росгвардина, Iамеркан санкцешна кIеллахь волчу миллиардеран Дерипаска Олеган доларчу заводаш йина машенаш эца.
Контракташ йийр ю "Урал" а, Арзамасера АМЗ заводашца. Уьш кхочуш еш Росгвардино эца езар ю 600 лаккхара лелар долу машенаш, шайна юкъахь "Тигр" гIагI диллина машенаш а йолуш.
Цу гIуллакхо болх лур бу Дериспаскан долахь йолчу "Газ" а, "Оьрсийн машенаш" а компанийн тобана юкъарчу "Урал" а, "Арзамасский машиностроительный завод" а компанешна.
Кхушеран Охан-баттахь дуьйна Iамеркан санкцеш ловш ю уьш а, Дерипаскин кхин йолу структураш а.