Машенлелорхошна цхьа могIа молханаш дехка Iалашо ю некъан полисхойн

Къаьркъа мелча санна, корта хьовзабо цхьа могIа молханаша аьлла, и препараташ ехкарх дийца даьккхина некъан полицин урхаллехь (ГИБДД). Могушаллин министраллаца цхьана машенлелорхошна ехка леринчу молханийн тептар хIотто дагахь бу некъан полисхой гергарчу хенехь. Russia Today агенталло бина и хаам.

Магийна йоцу молханаш мелла, карабаьхкинчу шоферашна таIзар дийр долуш ду, къаьркъа а мелла машен лелочунна санна аьлла, яздо Russia Today агенталлан жуурналисташа.