Соьлж-ГIала. Ненан Де

Your browser doesn’t support HTML5

Нана – уггаре деза, ца хилча ца тору ирс. Массарел а дукха хьахайо иза литературехь, кинохь, театрехь. Амма цкъа а ца хезча санна, хаза хеза цунах олу хIора байт, цунна кхайкхош болу хIора хастам… Ненан дийнахь (кIиранде) Соьлж-ГIалин урамашкахула чекхваьллачу Маршо Радион корреспондентна алссам карийра Нене дош ала хуурш а, цуьнга шайн дош ала луурш а.