Хан тоьхна Москох тапча кхиссинчу Шеларчу прокуроран гоьнчана

Гайтаман сурт.

Шелан кIоштан прокуроран коьрта гIоьнчана Гучигов Мохьмадана 1 шо 6 бутт хан тоьхна арахь яккха Москох кхело. Цунах лаьцна хаам бина "Москва" агенталло.

Кхело бехке лаьрра Гучигов, герз а лелош, вон леларна. Хьалхо хаам баьржира иза прокуратурера балхара дIаваьккхина аьлла.

Талламхойн версица, Гучиговс тапча кхиссина "Царицыно" паркан гергахь зуда ялош йогIучу коврана юкъахь а волуш. Иза хиллера 2016-чу шарахь Гезгмашан-беттан 11-чу дийнахь.