Нохчийн-гIалгIайн дозанан хаттар къастош ду Оьрсийчоьнан Конституцин кхело (видео)

Оьрсийчоь -- Конституцин кхелан куьйгалхо Зорькин Валерий а.

Оьрсийчоьнан Конституцин кхело къастош ду тахана Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бина барт низамца хилар.

И хаттар дийцаре деш дакъалаца кхайкхина Оьрсийчоьнан Конституцин кхело Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а.

ЛадогIаршка иштта кхайкхина бу Нохчийчоьнан парламентан декъашхой а, Госдуман а, Федерацин Кхеташонан а, Оьрсийчоьнан президентан а, ГIалгIайчоьнан конституцин кхелан а, Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуран а, Юстицин министраллан а векалш а, ткъа иштта гIалгIайн юкъараллин жигархой а.

Евкуровс а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а шина республикан доза билгалдоккхуш барт бира кхушара Гезгмашин-беттан 26-чу дийнахь. Цуьнца а догIуш, шина республикан цхьаьтерра йолу территори хийцинера цу шимма. Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а парламенташ тIечIагIдира тIеэцна низам.

Кадыровна хетарехь, гIалгIайн дозанца доьзна хаттар кхоччуш дIадирзина ду. "Низам тIеэцна, бартана тIе куьгаш таIийна", - аьлла цо.

Цу бартана реза боцучу ГIалгIайчуьрчу бахархоша масийтта дийнахь митинг латтийра Магасехь, ткъа меттигерчу конституцин кхело сацам бира доза хийцале референдум хила еза аьлла.