Доларчу берийн бешан куьйгалхочунна кхел йийр ю Нохчийчохь

Берийн беш. Нохчийчоь. Гайтаман сурт.

Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхаллан белхахоша теллина чекхдаьккхина "Солнышко" берийн бешан директор йолчу зудчунна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх. Иза бехке еш ю цигахь кхерамазалла ларъян оьшуш долу хьелаш ца кхолларна бер даларна.

Талламхойн материалашца а догIуш, 2 шо кхачаза долу бер эцна хилла ГIойтIахь йолчу цу берийн беша. Дийнахь бераш дIадийшинчу хенахь маьнгин гIовлан, шина пӀендагӀана юкъахь корта а бисина, садукъаделла делла бер.

Талламхоша директоран бехк хилар гойтуш шаьш гулйина материалаш дIахьажийна кхеле.