Некъахьовзамехь 9 шо долу йоI лазийна Нохчийчохь

Некъахьовзам хилла Гребенски эвлахь шинарин сарахь. Полицин хьасташа дийцарехь, 29 шо долчу меттигерчу вахархочо урхалла дон ВАЗ–21099 машен тIетоьхна 9 шо долчу жимачу йоIанна.

Лазийна йоI сихонца дIакхачийна хилла Шелковскойн кIоштан дарбанан хIусаме. Цигахь хьалхара лоьрийн гIо а дина, иза охьайиллина Соьлж-ГIаларчу номер 2 йолчу берийн клиникан дарбанан хIусаме.

Хилларг бахьана долуш таллам бу дIахьош.