Президентан харжамаш хир болу де билгалдаьккхина Украинехь

Гайтаман сурт.

Украинин Лаккхарчу Радо тIечIагIдина рогIера президентан харжамаш хир болу де. Парламентан гIантдас Парубий Андрейс тIе куьг таIийначу документца а догIуш, кхаж тасар дIахьур ду 2019-чу шарахь Зазадоккху-беттан 31-чу дийнахь.

Кхаарин дийнахь тIеэцначу цу сацамо гайтарехь, Украинин цхьайолчу кIошташкахь тIеман хьал кхайкхоро Iаткъам ца бина президентан харжамаш хир болу де харжарна. Уьш хир бу низамо билгалъяьккхинчу хенахь.