Gorilla компаница реклама ян барт бина Нурамагомедовс

Нурмагомедов Хьабиб.

UFC чемпионо Нурмагомедов Хьабиба кхаа шаранна лерина барт бина Gorilla энергетикан малар арахоьцучу компаница, хаам бо Sports.ru.

Макгрегор Конорца леттачул тIаьхьа дуккха а компанеш яра шега цхьацца рекламан контракташ кхийдош, делахь а ша Gorilla хьаьржина, цо контрактана юкъа шен тобан латархой бахийтарна, аьлла Нурмагомедовс шен зорбанан конференцехь.

Gorilla компанин векло Ким Игора дийцарехь, бинчу бартаца а догIуш, Нурмагомедовна лур ду кхаа шарахь цхьа миллион сов доллар.