"Трансперенси Интернешнл": Кадыровс даьккхинчул кхузза алсам ахча даьккхина цуьнан говраша

Кадыров Рамзан говрахь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кху тIаьхьарчу 4 шарахь даьккхинчул дукха ахча даьккхина цуьнан говраша. Цунах лаьцна дуьйцуш ду "Трансперенси Интернешнл - Оьрсийчоь" вовшахтохаралло кечдинчу дIахаийтарехь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан 128 говро 100 миллион сом даьккхина Кадыровна тIаьхьарчу 4 шарахь, чIагIдеш ду цу тIехь."Трансперенси Интернешнло" хаам барехь, и ахча хьахош дац цуьнан декларацешкахь.

Кадыровн говрийн цIераш ялош ю Hippodrom.ru сайта тIехь. Кхин а ши говр гайтина ю Эмираташкарчу говраш хахкаран официалан реестрехь, билгалдоккху «Трансперенси Интернешнло».