Бесланерчу школана тIелата Iалашо шайн хиларх дуьххьара дIахаийтина Iедалхоша

Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу векало Матовников Александра ТАСС агенталлана еллачу интервьюхь бакъдина, нохчийн тIемалоша Бесланехь дIалаьцначу школана тIелатар дан дагахь хиллера ницкъахой юьхьанца дуьйнна аьлла.

"Iуьйранна сатосучу хенахь 4 сахьт даьлча штурм ян Iалашо лаьцнера Гезгамашин-беттан 3-чу дийнахь, амма спортан хIусамчохь лелхийтарш долийра хенал хьалха", - аьлла, дуккха а шерашкахь ницкъаллийн структурашкахь лаьттинчу Матовниковс.

Цо бахарехь, оцу хIусаме кхача езаш хилла, цуьнан доттагIчо Дяченко Сергейс куьйгалла ден дакъа Бесланна 40 минотехь некъа баллал генахь хиллера, тIемалоша дIалаьцначу школе уьш схьакхачале, цу чохь кхерсташ цIе яра. "План хийца дийзира катоьхна", - аьлла Матовниковс.

Цул совнах, Матовниковс тIечIагIдина, школана тIе танкаца тохарш дар а, амма цу чохь цхьа а закъалтхо воцчу заманчохь аьлла, къастийра цо.

Дуьйцург бакъ делахь, "труд урок йоьдучу класса чу воьллера ши тIемало, караван дагахь ца хиллера и шиъ", цундела цушинна чу тоьпан хIоъ хийцира, спецназ Iалашъярхьама аьлла, кхи дIа а дийцина Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу векало.

2004-чу шеран дешаран хьалхарчу дийнахь Кавказерчу гIаттамхоша, Кремлна Нохчийчохь тIемаш бен оьрсий эскарш арадахар тIедожош, дIалецира Бесланера № 1 школа.

ДIахьедарна жоп ца луш кхо де даьлча, лелхийтарш дира школа чохь. Уьш мукъабохуш Оьрсийчоьнан эскархоша дΙаболийначу тΙамехь дийра 200 гергга бер а, 150 гергга церан да-нана а.

Бесланерчу школехь хилларг дуьззина теллина дац хΙинца а. И дΙалаьцначу тΙемалойх ах сов оцу ханна набахтехь воллуш, я лаьцна ларалуш вара.