Карийна хIинццалц девзаш доцуш хилла Захаровн сурт

Столыпина Екатерина

Оьрсийчуьрчу Дмитров гIалан музейхь литографи карийна хилла суртдиллархочуьнан Захаров Петаран куьг тIехь долу, хаам бо Кавказ.Реалиино. Цу тIехь йиллинарг ю Столыпина Екатерина цIе йолу жима зуда.

И литографи тера хилла "Вевзаш воцчу суртдиллархочо диллина портрет" цIе лелочу басаршца диллинчу суртах. Цу суртан оригинал латтош ю Бурятерчу Ц.С. Сампиловн цIарахчу музейхь. Цу кепара гучудаьлла цу суртан автор 19-чу бIешеран хьалхарчу декъехь ваьхна Захаров Петр хилар.

Литографи карийнарг ю Москох еха талламхо нохчийн къомах волчу Захаров Петаран кхолараллан говзанча Шахбиева Меда.

Захаров Петр вина хилла Оьрсийчоьнан эскарша ягийначу Дади-Юьртахь. Жима волуш иза, дIа вигина хилла иза Оьрсийчу.