Маситта керла юрт юьллур ю ГIалгIайчохь

Бахархошца къамел деш ву ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек.

ГIалгIайчохь гергарчу хенахь кхочуш йир ю керла ярташ яхкарца йоьзна леррина план. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, "Ингушетия" газетана тIе а тевжаш.

ГIалгIайчоьнан премьер-министро Евлоев Зялимхана дийцарехь, керла ярташ йохкур ю Малгобекан а, Несаран а кIошташкахь.

Iедалан зорбанан сервисо далочу терахьашца, ГIалгIайчохь карарчу хенахь ю 5 гIала а, 45 эвла а.