Францино а, Германино а совгIат делла Титиевна

Титиев Оюб.

"Адамийн бакъонаш ларъярна" совгIат делла Францино а, Германино а "Мемориалан" Нохчийчьурчу декъан куьйгалхочунна Титиев Оюбана.

Цу шина пачхьалкхан Оьрсийчохь болчу векалша и совгIат дIаделира "Мемориалан" куьйгалхочуьнга Орлов Олеге а, Нохчийчуьрчу журналисте Бахаева Милане а. Цу хьокъехь церемони хилира ГIура-беттан 11-чу дийнахь Германин векалан Фрич Рюдегеран Москохарчу резиденцехь.

Хууш ма хиллара, Титиев Нохчийчохь талламан изоляторехь латтош ву. Цунна дуьхьал луьстуш ду наркотикашца доьзна бехктакхаман гIуллакх.