Томскана гергахь охьахууш доьхна Ми-8 беркема

Ми-8 беркема. Гайтаман сурт.

Томск гIалана гергахь охьахууш доьхна Ми-8 беркема. Цунах лаьцна хаам бина РБК агенталло, Орцаллан министраллан меттигерчу урхаллана тIе а тевжаш.

Беркеманна тIехь хилла 25 стаг. Царах 22 вахтан белхахо ву. Болчу хаамца, беркема, охьа а кхетта, галдалар бахьана долуш яйн чевнаш хилла ву 3 стаг.

Инцидентан бахьана къастош бу говзанчаш. Цхьаболчу хаамашца, беркема охьахууш кагбелла цуьнан шассин ког.