Митингашка кхиазхой ийзор доьхкуш ду пачхьалкхан Думас

Iедалца дага а ца буьйлуш хIитточу протестан акцешка кхиазхой ийзочарна жоьпалла тIедожош низаман проект листина пачхьалкхан Думано 3-чу ладегIаршкахь. Кегийрхой юкъа а балош, митингаш вовшахтучарна 50 эзар соьме кхаччалц гIуда тухур ду, я 15 де а, буьйса а чохь доккхуьйтур ду.

Навальный Алексейс вовшахтоьхначу антикоррупцин митингехь кхиазхоша дакъалаьцначул тIаьхьа Думе кховдийра цу кепара низаман проект.

Цуьнан авторша чIагIдо, оцу бехкамаша могушаллина зен дечух Iалашбийр бу кхийзхой бохуш.