Къизаллаш лелорна чувоьллина Беков маьршаваккхарна латкъамбина адвокато

ГIалгIайчуьрчу "Э" центран гIуллакхан хьокъехь хан тоьхна Беков Мохьмад Нальчикерчу кхело маьршаваккхарна резабоцчу гIело лайначийн адвокато Сабинин Андрейс юха латкъамбина. Могушалла ледара ю аьлла, аравалийтина Беков.

"Кавказский узел" агенталло хаамбарца, Лахьан-беттан тIаьххьарчу деношкахь набахтехь даккха кхо шо кхайкхийна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан декъан куьйгалхо лаьттина Беков Мохьмад маьршаваьккхира, цуьнан могушаллица проблемаш ю аьлла.

ГIебарта-Балкхаройчоьнан Лакхарчу кхеле бинчу латкъамах дийцина гIалгIайн бакъонашларъяран "Машр" организацин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада а.

Бехктакхаман Кодексан низамаш шога дохийна хиларна тIе тидам а озош, Сабинина шен документ тIехь тIедожийна, Беков маьршавоккхуш бина сацам юхабаккхар.