Оьрсийчоьнан Думан депутатна Делимханов Адамна совгIатдина пачхьалкхан президенто Путин Владимира: баркаллин кехат. Нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада бина и хаам.
Цо дийцарехь, цуьнан "хьомсарчу ВЕШИНА" баркалла аьлла "пачхьалкхалла чIагIъярехь мехала гIо лацарна а, парламент кхиорна а, низамаш юкъадахарехь жигаралла гайтарна а".
Изза совгIат кхачийна кхечу депутатна - Саралиев Шамсаилна а.
Оьрсийчоьнна пайден хиларехь аьтто а беш, совгIаташ деллачу шина депутатца "ВКонтактерчу" шен пена тIе йина селфи оьллина Даудовс.