Къилбаседа Кавказера католикаш а даздеш бу Ӏийса пайхамар вина де

Буру-гIаларчу католикийн килсехь.

Ӏийса пайхамар вина де даздеш бу Къилбаседа Кавказехь бехаш болу католикаш а. Католикийн килсаш ю цу регионехь кхаа республикехь, Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIебартойн-Балкхаройчохь а, Ставрополан махкахь а.

Шинарин сарахь (ГIура-беттан 24-чохь) цигахь Iийса пайхамар вина де тIекхочуш Даллана коьрта гIуллакх дар дIадаьхьира мозгIарша.

Къилбаседа Кавказерчу католикийн килсашка оьхурш бу коьртачу декъана немцой а, полякаш а, литовцаш а, эрмалой а, кхинберш а.