Иракъера цIадалош ду Оьрсийчьура 30 бер – Кадыров

ГIура-беттан 30-хь Иракъера Оьрсийчу цIадалор ду 30 бер. И бераш ду Нохчийчуьра а, Москвара а, Пензера а, Дагестанера а, хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Telegram-каналехь.

Хьалхо шен хIора шарахь хуьлучу зорбанан-конференцехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедар дира, Шемара Оьрсийчоьнан махкахойн бераш цIадалоран болх сацор бац аьлла. Оьрсийчоьнан куьйгалхочо дагадаийтира и гIуллакх деш верг Кадыров а хилар.

Кадыровс бинчу хаамца, Подмосковьерчу цхьана аэродромехь охьахуур ду 30 бер тIехь долу кема. Царах кхо бер Нохчийчуьра ду, цхьацца бер ду Москвара а, Пензера а. Дисина 24 бер ду Дагестанера.