ГIалгIайн парламент реза ца хилла доза хьокъехь ша бина сацам хийца

ГIалгIайчоьнан Халкъан гуламан депутаташ реза ца хилла доза хьокъехь Нохчийчоьнца шаьш бина сацам юхабаккха, яздо ФортангаOrg. Telegram-канало.

ГIура-беттан 27-чохь хиллачу республикан парламентан кхеташонехь и хаттар кхоже диллинера Нохчийн Республикца билгалдаьккхина доза нийса дац аьлла хетачу депутаташа.

27 парламентан декъашхочух 12 стага бен кхаж ца тесна Халкъан гуламо юхабаккха беза ша бина сацам аьлла.