Прокуроран керла когаметтаниг хIоттийна Нохчийчохь

Гайтаман сурт.

Оьрсийчоьнан инарлан прокуроран омраца Нохчийн Республикан прокуроран когаметтаниг хIоттийна юстицин лакхара хьехамча Котов Алексей.

Иза вина Ставрополан махкахь 1979-чу шарахь. Прокуратурехь болх беш ву 2003-чу шарахь дуьйна.

Котов Нохчийчохь болх беш волу дикка хан ю. Цкъа дуьххьара Соьлжан кIоштан прокуроран когаметтаниг хилла иза, тIаьхьо болх бина Нохчийчоьнан прокуратуран цхьамогIа даржашкахь.