Беркема охьадоьжна Улан-Удэхь

Гайтаман сурт.

Бурятин коьртачу гIалан Улан-Удэн йистехь ГIуран-беттан 30-чу Iуьйранна охьадоьжна беркема. Велла цу тIехь хилла 4 стаг. Цхьаболчу хаамашца, царах цхьаъ ву цу кеманан долахо, Бурятехь вевзаш волу совдегар Рогов Сергей.

Транспортан прокуратуро чIагIдарехь, беркема доьхна охьахууш Улан-Удэн йистехь Iуьллучу Лакхара Березовка эвлахь. Цхьана версица, иза дохаран бахьана чолхе хенахIоттаман хьелаш хилар ду.

Сибирь.Реалиино яздарехь, беркема охьадоьжна садоIучу базан кертахь. Охьакхеттачул тIаьхьа цунах цIе летта.