Бусулба динах дIахаьддачу йоIана тховкIело елла ООН-о

Your browser doesn’t support HTML5

Шен даймахка юхаяха лууш яц цIера едда 18 шо долу Мохьаммад Рахаф аль- Кунун. Ша ен там бу боху цо, карайодахь. СаIудийн Iедалша паспорт дIаэцнера цуьнгара, амма дагахьбаллам бисина шайна боху цара, йоIера телефон а схьа ца яьккхина. Социалан машанехь цхьана дийнахь-бусий йиллина онлайн-эфир дIаяьхьна цо, шена мухIажиран статус йоьхуш.