Шелара хIусамаш йохош яьккхинчу видеон автор валар муха хилла дийцина гергарчара

Шелара хIусамаш йохош яьккхинчу видеон автор Осмаев Абубакар велла газ а хьаьхна, дIахьедар дина нохчийн телевизионехула цуьнан гергарчу наха. Цунах лацна яздо Кавказский узело". Гергарчара харц до 2017-чу шарахь ницкъаллин структурийн белхахоша лаьцна ницкъ бинчул тIаьхьа деган цамгарх иза велла бохург.

ГIура-беттан 10-чу сарахь "Грозный" телеканало шен хаамашкахь гайтина Осмаевн юххера гергарчу наха иза валаран бахьана дуьйцуш яьккхина сюжет. Осмаевн кIанта дийцарехь, цуьнан да аьчкан пхьар хиларе терра цуьнга цхьаъ яйта еана хилла цхьа зуда. Пхьеро бан беза болх буьйцуш Iечу юкъанна, газ а хьаьхна, делла и шиъ.

Устрада-ГIалан полицин декъан хьакамо дIахьедар дина, и ши адам далар хьокъехь таллам болийна шаьш аьлла. Цо дийцарехь, хетарехь, газ хьахна делла и шиъ, амма талламхоша юхьарлаьна кхин версеш а ю, и шиъ дийна хила мегаш хилар а цхьаьна.

Ткъа Нохчийчуьрчу Iедалан векална хетарехь, Осмаев валарх лаьцна хаамаш баржор доьзна ду "Нохчийн Республикера хьал чолхе даккха гIортарца".