Наркотикашна тIехула 700 сов бехктакхаман гIуллакх долийна Нохчийчохь

Гайтаман сурт.

2018-чу шарахь наркотикашна тIехула 716 бехктакхаман гIуллакх долийна хилла Нохчийчохь, хаам бина республикан прокуратуро. Царах 45-ъ ду наркотикаш йоьхкинчу нахана дуьхьал долийна. И гIуллакхаш толлуш аьтто баьлла 32 кила наркотик лелочуьра юкъахяккха.

Прокурораша суьде хьажийна гIуллакхаш а листина, кхелаша чувоьллина накротикаш юхкуш хилла 43 стаг а, уьш латтош хилла 143 стаг а.