Оьрсийчохь полисхочо морге хьажийна маларо йожийна йоккха стаг

Гайтаман сурт.

Оьрсийчуьрчу Приамурьехь полисхочо, дарбанан хIусаме хьажочу метта, декъий чудохкучу меттиге хьажийна мелла йоьжна Iуьллуш йолу йоккху стаг. Маларш а моьлуш, сакъоьруш Iийначул тIаьхьа зуда вуно вочу хьолехь карийначу гергарчу нахана моьттина хилла иза елла.

Лоьраш кхайкхина морган санитаро, йоккха стаг садоьIуш хилар а хааделла. Пенсионерхо кIелхьаръяккха аьтто ца баьлла, иза елла реанимацехь, хаам бина Оьрсийчоьнан могашаллан министралло.

Цу министраллан векалшна хетарехь, полицин белхахочо цу хьолехь дан дезачун лард йохийна, шеггара зуда елла аьлла сацам а бина, лоьраш кхойкхучу метта декъий чудохкучу меттигера белхахой а кхайкхийна.

Хилларг хьокъехь таллам болийна полицино.