Нохчийчохь нехан хIусамера ахча лачкъийна стаг къарвала тIевеана полице

Гайтаман сурт.

Нохчийчохь Куршлойн кIоштарчу полицн декъе веана 45 шо долу меттигера вахархо. Цо хаам бина Дечкен-беттан 7-чохь Iаьларахь нехан чуьра 4100 сом лачкъийна ша аьлла.

Къолахо шен лаамехь тIевар тидаме а оьцуш, таллам болийна полицин белхахоша.