Юха а премьер-министр хIоьттина Пашинян Никол

Эрмалойчоьнан премьер-министр Пашинян Никол

Эрмалойчоьнан президентан Саркисян Арменан омраца пачхьалкхан премьер-министран даржехь чIагIвина "Мой шаг" блокан лидер Пашинян Никол Пашинян.

Министрийн кабинет дIахецначул тIаьхьа премьер-министран декхарш кхочушдеш вара иза. Президентан официалан сайтехь зорбане яьккхина омран текст.