Васильев: Нохчийчоьнца доза къайлаха доцуш къастор ду  

Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира хаам бина цу республикан Нохчийчоьнца долчу дозанан хьокъехь. Цо дийцарехь, шина республикан административан дозанаш билгалдахар рогIе диллинчу хаттарех ду.

Дерриг а хаттарш къайла доцуш дийцаре дийр ду, ткъа эххаре бина сацам тIеоьцур бу шина республикан парламенташ, аьлла Дагестанан куьйгалхочо, меттигерчу ННТ телеканалана ша еллачу интервьюхь.