Ханты-Мансийскехь охьахиъна кема дадийна зуламхо лацаза ву

Ханты-Мансийскера аэропорт.

Оьрсийчоьнан антитерроран комитето хаам бина, Ханты-Мансийскехь охьахиъна кема дадийна стаг цу чохь вуьсуш ву, лаьцна вац аьлла.

Кеманчохь вуьсуш ву верриг а аэробусан 70 некъахо, хаам бо ТАСС агенталло. Царна юкъахь бераш а ду. Кеманан портехь кхоьллина оперативан штаб.

Ханты-Мансийскан аэропорте тIеозийна ю цIеххьана хаьл хIоьттича оьшуш йолу сервисаш. Полицино гоне лаьцна аэропортан гIишло.

"Интерфакс" бинчу хаамца, 41 шо долчу ОЬрсийчоьнан вахархочо тIедожийна пилоташна "Аэрофлотан" кема ОвхIанистане дIадахийтар. РИА-Новости агентаалло чIагIдарехь, пилотийн аьтто баьлла и стаг тешо, кеманна мехкадаьтта дотта иза Ханты-Мансийскехь охьахао дезаш хиларх.

Дийцарехь, кема дадийна стаг маларх кхетта ву.