Дозанаш къасторан бахьанаш дийцина Кадыровс

Кадыров Рамзан.

Оьрсийчуьрчу регионашна юкъара дозанаш билгалдахар дIахьош ду мехкан куьйгалло деллачу омрица. Цунах лаьцна дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, хаам бо "Кавказский узело".

- Кхузаманахь, 21-чу бIешарехь пачхьалкхан куьйгалло сацам бина дозанаш билгалдаха, буьззинчу барамехь территореш къасто. Нагахь тIеман хаьл кхайкхо оьшуш меттиг нислахь 100 процентана координаташ хаийта. ХIора регионна оьшуш ду иза. И хаттар сихонца дIедерзар регионашна гIоле ду, - аьлла Кадыровс Нохчийчоьнан парламентан гIантдеца Даудов Мохьмадца шен хиллачу кхеташонехь.

Цу цхьаьнакхетарх лаьцна видоматериал гайтина «Грозный» телевизионо шен эфирехь.