Нохчийчохь бердах яхначу машенчуьра 3 стаг велла

Шуьтара Итон-Кхела йоьду жима машен 80 метар кIоргачу бердах чу а яхна, цу чохь хилла 3 стаг велла аьлла, хааме даьккхина ТАСС агенталло.

"Кхо стаг велла. Бераш ца хилла цаьрца. Беллачийн декъий хьаладохуш операци ю дIахьош, 18 орцанхо а, 4 техника а тIеоьзна", - аьлла агенталле орцанхойн урхаллехь.