Шемара тIеман полицин батальон Дагестане юхаеана

Шемара Дагестане юхайирзина Къилбаседан тIеман полицин батальон, хаамбо "Интерфакс" агенталло.

"Шемахь лерина шайн декхарш кхочушдинчул тIаьхьа 300 гергга эскархо ву даймахка юхавеанарг", - аьлла, яздина ду пресс-релиз тIехь.

Оьрсийчоьнан эскархойн тобанийн объекташ Iалашъяр, паргIатъяьхначу кIошташкарчу маьршачу бахархойн къепе латтор, церан кхерамзалла ларъяр, гуманитаран ковраш чуйогIучу заманчохь церан терго латтор. Ишта дара тIеман полисхошна тIедехкина декхарш.

Гуттаренна а Буйнакскехь куп тоьхна цIа баьхкинчу тIеман полисхоша.