Къилбаседа Кавказехь шо карадеачхьана дIадалаза дуьсучу белхан алапех гулделла декхар 132,7 миллион сом ду. Оцу бараман доккхахдолу дакъа – 132, 5 миллион сом гулделла субъектийн шайн ахчанаш ца хиларна. Росстатан сайте даьхначу талламийн жамIашкахь ду ишта зераш.
Статистийн информацица, уггар дукха белхан алапа гулделла Дагестанехь (46, 1 миллион сом), цунна тIаьхьа ю Къилба ХIирийчоь (32, 9 миллион сом). ГIебарта-Балкхаройчохь тIехьаьрчина 26, 6 миллион сом, ГIалгIайчохь – 20 миллион, Кхарачойн-Чергазийчохь – 4, 9, Ставрополехь – 2, 1 миллион сом.
Статистийн зерашца, цхьа Нохчийчохь ю алапех декхар тIехь цахиларца билгалъяьккхина.