Сунжа-кIоштахь дина тIелатар дуьххьара ду шо доладелчхьана

Сунжа-кIоштарчу полисхойн постехь ши ницкъахо а лазош, тIелеттарг вуьйш хилла инцидент шо доладелчхьана дуьххьара ю Нохчийчохь.

Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло оршотдийнахь хаамбира, шоьтан буса полисхошна динчу тIелатарх. Дийцарехь, Аьрга-хишкан (Серноводск) йистехь лаьттачу постна автомат йиттина, чевнаш йира шина ницкъахочунна, тIелеттарг тIаьхьо вийна карийра хьуьнчохь.

ГIалгIайчуьра Бельтоев Мансур ву иза аьлла, зорбанашкахь йовзийтина цуьнан цIе.