Москохара патриарх Кирилл Нохчийчохь хила лууш ву

Патриарх Кирилл а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а.

Нохчийчу а, ГIалгIайчу а, ишта Оьрсийчуьрчу ша цкъа а хилла воцчу кхечу регионашка а кхача Iалашо ю Москохарчу патриархан Кириллан. Ортодоксан килсан пресс-секретаро Волков Александра бина и хаам.

"Оьрсийчоьнан ворхI регионехь цкъа а хилла вац патриарх. Цигахь а хила лууш ву иза. Ю царлахь Къилбаседанера регионаш а, масала, Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, ХIирийчоь, ишта Забайкалан кIошт а, Пермь а", - аьлла Волковс, "Россия сегодня" агенталлехь хиллачу пресс-конференцехь.

Динан дайшца а, меттигерчу бахархошца а цхьанакхета лаам бу патриархан, килсан пресс-секретаро дийцарехь.