КъахIирехь лецначу гIалгIайх жоп доьху Москальковас

Омбудсмен Москалькова Татьяна

Оьрсийчохь адамийн бакъонаш Iалашъян векал йина Москалькова Татьяна официалехь кехат кечдеш ю Мисара дахьийта. КъахIирехь яхначу аьхка дуьйнна лецна латточу пхеа студентах жоп деха лаам бу цуьнан. Шен кехат пачхьалкхан куьйгалле а, ишта адамийн бакъонашкахула йолчу комиссига а дIакхачо Iалашо ю омбудсменан, яздо "Известия" газетано.

Стохка дуьйна лецначу студентех цхьана а кепара кост кхаьчна дац церан гергарчаьрга.