Шен доьзале сагIа дехийтинчу нанна кхел йина

Шен жима ши йоI сагIа деха араяккхинчу ненан гIуллакх теллина ТIехьа-Мартанарчу кхело. Кхелехь къаьстина, Таджикистанера Нохчийчу а еана, оцу зудчо кху аьхка шен шина йоIе сагIа доьхуьйтуш хилла. ТIехьа-Мартанан ВаларгтIе эвларчу маьждиган декъа тIехь сагIа доьхуьйтуш хилла цо цу шинга.

ГIуллакхан материалаш теллинчул тIаьхьа, арахь даккха цхьа шо хан тоьхна кхело шина йоьIан нанна.