Газан компанера белхахой шена къинтIера баьхна Нохчийчуьрчу вахархочо

Газан компанин белхахошка шена къинтIера довлар дехна Ватс Аппехула Хьалха-Мартанарчу вахархочо. Хьалхо церан харцонаш Iорайохуш аудиохаам баржийнера цо. Ша меттигерчу телевизионе а валийна, юхьIаьржа хIоттавале аьлла, юкъара вас дIаяккха гIоьртина иза аьлла, тешна бу махкара бахархой.

Маршо Радионо яздира, дахначу шеран 123 миллион декхар схьагулдина шаьш аьлла, кхелан пурстоьпаша дIакхайкхорах. Ахча дIа ца деллачеран газ дIахадайо цара.

Байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь Ватс Аппан мессенджерехула аудио дIасаяьккхира, нохчийн маттахь газан белхахой емалбечу стеган озан.

"Селхана газах ахча дIадеха баьхкинера. Ас боху, аш хIун леладо? Ма харцо лелайо аш нахаца. Цара боху, хаьа тхуна, валлахIи тхан дан хIума ма дац, ахча схьагулдан арадаьхна ма ду тхо. Вайгара дIа а доккхуш, шайн бераш дузо гIерта-кх уьш. Вайн къам Сибрех дахийтинчу хенахь, оццул халачу заманахь а бара ма боху моттбеттарш. Хетарехь, хIорш церан тIаьхьенех бу-кх", - боху кхайкхамбинчо.

ШолгIачу дийнахь, керла хаам дIасакхехьийтира цо, ша ГIойтIара Сусаев Муса ву, гечдар доьху газан белхахой бехкебеш критика ярна аьлла.

"Сайн цаьрца дешнашца кхийсарш хилла дела, оьгIазвахначохь динера ас и къамел. Суна сайна аьлча а товр дацара цу кепарниг, ас доьху газан контрол еш лелачаьрга сайна гечдар. Сайн махкахошка а доьху ас къинтIера довлар. Меллачохь хилла хIума ду иза, кхи сайн дахарехь цкъа а къурд бийр бац ас",- боху оцу стага.

Сусуевн дIахьедарх йистхуьлуш, "Кавказский узел" агенталле Роза цIе йолчу зудчо аьлла: "Со кхеташ яц, цу тайпа хIума вай наха юх-юха стенна долуьйту шайгара? Iедалхошна критика яр таIзаре доккхий гуш дац ишта а?! Нийсо йоцчохь бакъдерг муха лоьхур ду".