Кхечу махка дIабаха лууш бу 17 процент Оьрсийчуьра бахархой

Оьрсийчоьнан а, Полшин а доза. Калининградан кIошт.

Оьрсийчуьра кхечу пачхьалкхашкахь баха дIабаха луучу нехан дакъа ду 17 процент. Цунах лаьцна дуьйцуш ду "Левада-центро" бинчу талламехь.

Цу нахана юкъахь уггар дукха бу 18-24 шо долу кегийрхой – 41 процент. Уггар лахара гайтам боьзна бу 55 шарал тIехбевллачу нахаца. Уьш бац 5 процент а бен.

Махкара дIабахана кхечу пачхьалкхехь баха ховша шайн лаам хиларх лаьцна дуьйцурш бу коьртачу декъана 100 эзар сов стаг вехачу гIаланашкара бахархой. Ярташкарчу нахана юкъахь махкахбовла луурш дукха бац.